ТIекхочийла долу линкаш

НАТО саготта ю Оьрсийчоьно лелориг бахьана долуш


ГIирмана аннекси йинчул тIаьхьа Оьрсийчоьно кхин дIа а Украинин территори дIалаьцча иза историн барам болуш гIалат хир дара аьлла дIахьедар дина НАТО-н инарлан секретаро Расмуссен Фог Андерса. Цо дийцарехь, Украинин малхбалерчу дозанехь Оьрсийчоьнан эскарш латтаро синтем байина дуьненаюкъараллан.

И шен дIахьедарш дина НАТО-н куьйгалхочо Брюсселехь Къилбаседа Атлантикан тIеман альянсана юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарачу гIуллакхийн министрийн саммит дIайирзинчул тIаьхьа. Цу кхеташонах лаьцна оха дуьйцур ду кху программехь.
XS
SM
MD
LG