ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин инарла вийна КъахIирехь


Ши стаг вийна Кхаарин дийнахь ши эккхийтар а дина Мисаран коьртачу гIалахь КъахIирехь. Царах цхьаъ ву полицин инарла. Кхин а пхи стаг чевнаш йина ву. Associated Press агенталло дийцарехь, и тIелатар хьажийна хилла цигахь йолчу студенташ бехачу меттигехь дIатарбинчу полицин белхахошна дуьхьал.

Полицин ницкъаш цигахь латтош бу стохка Мангал-баттахь президентан даржера вохийна волчу Мурси Мухьаммадан агIончаша къепедацарш леладахь а аьлла. Мурсин агIончаша а, «Бусулба вежарий» олучу боламан декъашъоша а масийттоза манисфистацеш вовшахтуьхира цигахь кегийрахошна юкъхахь, Мурси юха а президент дIахIоттаве бохуш. И бахьана долу полицица хиллачу тасадаларшкахь байина а а, лазийна а нах бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG