ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дайна Боинг лохур ду Британин хи бухахула лела кемано


ТIепаза дайна долу Малайзин Боинг лохучу дуьненаюкъарчу ницкъех дIакхетта Индин хIорд чохь Британин хи бухахула лела кема. Бринанин тIеман хIордан флотан буьйранчалло дIахьедар дина «Тайрлесс» олу кема цу метте дIа а кхаьчна, цуьнца болчу гIирсах пайда а оьцуш, хIордан къоргенехь кема лаха дагахь а ду шаьш аьлла.

Тахханалц Боинган цхьа а дакъа ца карийна иза лоьхуш долчу 10 хIордан кеман а, исс хIаваан кеман а. Космосера спутникаш даьхначу сурташ гайтйтарехь, Боинг охьадоьжна хила мега Австралина цхьа эзар а ах эзар километр генахь. Амма цкъачунна цунна цхьа а тоьшалла карийна дац.

Шена тIехь 239 стаг волу Боинг новкъа даьллера Куала Лумпурера Пекине даха баханчу беттан 7-чу дийнахь. Амма кестта иза дайра радараийн экранаш тIера.
Иштта Дара Маршо Радион тIехььара керланаш !

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG