ТIекхочийла долу линкаш

МухIажирех яьккхина ю Либан


Либанехь дIатарбинчу Шемара мухIажарийн терахь тIех даьлла миллионал а. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаллан мухIажарашкахула йолчу урхалло Еарин дийнахь баржийначу хаамца а догIуш, Либан кху дуьнентIехь уггаре а хьалхарчу меттехь ю цигарчу бахархошца дуьстича мухIажарш тIеэцначу пачхьалкхашна юкъахь.

Цу урхалло дийцарехь, хIора шарахь цхьана Шемара Либане вогIуш ву 2 эзар ах эзар хиллал мухIажар. Шемахь 2011-чу шарахь чоьхьара конфликт йолаелчхьана цу махкара ведда 9 миллион ах миллион хиллал вахархо. Вуьшта аьлча дIабахана ах гергга цу пачхьалкхара нах.
XS
SM
MD
LG