ТIекхочийла долу линкаш

ГIезалойн референдум хир ю ГIирмехь


ГIирман кхане билгалякхарехь гIезалошна луург довзар Iалашонца референдум дIаяхьа сацам бина цинарчу гIезалойн Меджлисо. Цуьнах лаьцна Маршо Радионе хаам бина Меджлисо кхоьллинчо референдум вовшахтохаран тобанан декъашхочо Эгиз Iабдурахьмана. Цо дийцарехь, уьш кечамаш бан дагахь бу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохалллица а, ОБСЕ-ца а цхьана.

Иза гIезалошна оьшуш ду шайн референдум бакъонца хилийта а, дерриг а дуьнене къобал яйта а. Эгиса бинчу хаамца цкъачунна билгаляьккхина яц рефрендум хир йолу хан. ГIирмерчу гIезалоша бойкот йира Зазадоккху-беттан 16-чу дийнахь хиллаччу референдумехь. Цу тIе а тевжина ГIирмана аннекси йина Оьрсийчоьно.
XS
SM
MD
LG