ТIекхочийла долу линкаш

Бокерия тIекхайкхина Гуьржийчоьнан прокуратуро


Гуьржийчоьнан Кхерамазаллин кхеташонан секретар хилла Бокерия Гига тIекхайкхина ПIераскана дийнахь коьртачу прокуратуре. Иза ле веш ву цу даржехь волуш бюджетера ахча дайарца доьзначу гIуллакхехь. Бокерияс дIахьедар дина ша ле вар политикаца доьзна ду аьлла.

Цо бехке йина Гуьржийчоьнан коьрта прокуратура политикан бух болуш нах хьийзорна. Бокерия Гига «Цхьааллин къоман болам» олучу оппозицин партин лидерех цхьаъ ву. Иза кхерамазаллин кхеташонан секретар вара 2010-чу а, 2013-чу а шерашкахь Гуьржийчоьнан президент Саакашвили Михаил волчу хенахь.
XS
SM
MD
LG