ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера газ эца дагахь ю Украина


Европерчу пачхьалкхашкара газ эцаран хьокъехь дийцарш дIахьош ду шаьш аьлла дIахьедар дина Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс. Цуьнан бахьана ду Оьрсийчоьно Украинина юхкучу газан мах цIеххьана хьалабаьккхина хилар. Москохо шозза алсам хIоттийна ша украинахошна юхкучу газан мах.

ПIераскана дийнахь Яценюк Арсенийс дIахьедар дина Словакера а, Венгрера а, Полшера а газ эцар хьокъехь дийцарш дIахьош ду шаьш аьлла. Украинин премьер-министро емал дина Оьрсийчоьно газ хьокъехь шайца лелош дерг. Цо дийцарехь, цу кепара Москх бекхам бан гIерташ ю Украинина Янукович Виктор даржах вохорна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG