ТIекхочийла долу линкаш

Журналист йийна ОвхIанистанехь полисхоша


ОвхIанистанехь Associated Press агенталлан журналисташна тIе герз диттина полицин белхахочо. Йийна Германера тIеман суьрташдахархо Нидрингхаус Аня . Еза чевнаш хилла ю цуьнан белхан накъост Канадера журналист Геннон Кэти.

Иза дарабанан хIусамехь ю. Лоьраша дийцарехь цуьнан хьал цхьана эшшарехь ду. И инцидент хилла Хьост олучу провинцехь Пакистанан дозанца йолчу меттехь. Цу провинцин администраци векало Задран Мубареза дийцарехь, герз тоьхнарг полицин белхахо ву. Иза лаьцна цу меттехь.
XS
SM
MD
LG