ТIекхочийла долу линкаш

Оьсрсийчоьно хIоттийначу газан механа реза яц Украина


Москохца газан конфликт эккхар бахьана долуш шина вариантана кийча хилар тIедиллина министрийн кабинетана Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс. Киевехь шеко йолуш бу Москохо шайна газ йохкар сацадан мега аьлла.

Цхьана эзар кубометрх 485 доллар доккху шаьш аьлла Оьрсийчоьно хIоттийна мах тIеэца мегар болуш бац аьлла хета Украинина. Яценюка дийцарехь, уьш кийча бу оьрсашкара газ эца хIора эзар кубометрх 268 доллар а луш.

Украинин энергетакан министро Продан Юрийс дIахьедар дина, нагахь гергарчу хенахь Оьрсийчоьнца газ хьокъехь барт бан аьтто ца балахь Украино и гIуллкх дIалур ду Стокголмерчу арбитраже аьлла.
XS
SM
MD
LG