ТIекхочийла долу линкаш

Президентан харжамаш хилла ОвхIанистанехь


Президентан харжамаш хилла тахана ОвхIанистанехь. Коьртачу харжамийн комиссино бинчу хаамца кхаж тасарехь жигара дакъалаьцна бахархоша Президентан харжамаш дIабаьхьира ОвхIанистанехь чагIийнчу рожехь.

Кхаж тосуш кхерамазалла ларйеш вара 350 сов эзар эскархо а, полицин белхахо а. Цу мехкан куьйгалхочуьнан дарж дIалаца лууш ву 8 кандидат. Карарчу хенахь волу ОвхIанистанан президент Карзай Хьамид дакъалоцуш вацара харжамашкахь.

Конституцица а догIуш, цхьана стега шозза бен бакъо яц цу махкахь президентан дарж дIалаца. Харжамашкахь дакъалаца йиш йолуш вара ОвхIанистанехь 12 миллион гергга стаг. Нагахь цхьана а кандидатан 50 сов процент кхаьжнаш гулдан аьтто ца балахь харжамийн шолгIа мур хир бу Стигалкъекъа-беттан 28-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG