ТIекхочийла долу линкаш

Цхьааллин Оьрсийчоь блокпосташа екъна


Украина -- Севастополе боьдучу новкъара блокпост, 16Заз2014

Украина -- Севастополе боьдучу новкъара блокпост, 16Заз2014

ТIом дIа а баьлла, тийналла хIоьттина йолу Нохчийчоь, тахана ю холчехь, дозанашкахь йошлчу блок-посташ бахьнехь. Хьалха санна, нах дIалуьйцуш, я тIепазща бойуш цигахь дацахь а, дIасалелачарна, яьккхий новкъарлонаш йо цигахь.

Ерриг а Оьрсийчоь екъна ю республикашний, кIошташний. Цхьана меттера кхеченхьа воьдуш, ша пачхьалкхан доза хадош санна чекхвала веза, некъан полисхоша бечу талламех. Къаьсттина, Къилбаседа Кавказехь цу тайпа блок-посташ, ша тIамна кечбелча санна чIагIйина хуьлу. Цигахь лаьтташ болу полисхой а, хуьлу, масатоьпийн лога тIе пIелг биллина, муьлхачу а хIуманна кийча.

Нохчийчоь хIокху 20 сов шарахь, ишттачу блок-постех ца яьлла. Махкахь хIинца дукха яц уьш, амма, гобаьккхина хIинца а, шортта ю. Ставропол а, ХIирийн мохк а, ГIалгIайн мохк а, Дагестан а. Цаьрца доза ду Нохчийчоьнан. ХIора а агIора, лаьтташ ю, лакхахь ма дийцара чIагIам бина блок-посташ.

Дийца а ца оьшу, цу некъашкахула дIасалелачу нахана цара мел новкъарлонаш йо. ХIума ца алахь а, нахана, герзах боьттина эскархой а, полисхой а, БТРшцаний гича, Iаткъам хуьлу. ъ

Ша кесста-кесста республикера араволуш а, чувогIуш а лелаш волун дела, новкъарлонаш хуьлу шена бохуш арз деш ву, Руслан цIе йолу совдегархо. Маршо радиога иштта элира цуо.

Руслан: «Хасу-юрта базара вахнера со. ДIавоьдуш-м сиха чекхвелира, амма, схьавогIуш цхьа ши чакхарма мел кIезга а, еха рагI яра машенийн латтош.

ХIораннен кехаташ дIа а язъеш дара. Эзар машен цигахь лаьтташ хичла, мел хан ейа еза цигахь? Тахана, Буру-гIала воьду аьлла араваьлла со. Цхьана сахьтехь берхIийта минотехь латта дийзи сан. Схьалоцуш зуламхо вац, я террорхо а вац. И нах иштта дIа а хIиттина бу».

Ша кхета боху Руслана, Кавказехь хьал чIагIделла хиллийла. Амма, тахана, мел болу чIагIам дIа а баьлла, тIом а сецна, паргIато а еъна бохуш хилча, стенна латтош бу кхечу пачхьалкхаца тIом бан кечбелча санна, чоьххьарчу дозанашкахь болу низамхой, бохуш цецвуьйлуш хоьтту цуо.

Руслан: «Олимпиадан юьххьехь, Умаров Доккас теракташ йийр ю аьлла, чIагIам бина хиллийла-м, со кхетара. ХIинца ши Олимпиада дIаяьлла, ГIирма а схьаяьккхи, Умаров а вийна, тIом дIабаьлла. ХIинца, оцу некъаш тIера уьш дIа хIунда ца богIу? ХIунда хьийзош бу и нах?».

Нохчийчоьнца дозанехь лаьттачу низамхойх долу хаттар дуккха а уза айдинера меттигерачу бакъоларъярхоша. Амма, Iедалан лаккхарчу тIегIанашка иза даьккхича а, сурт хийца ца делла. Совдегархочуьнна Русланна, оцу блок-постехь болуш болу пайда ца го, амма, цуьнах мел зе долу хаа шена, элира цуо.

Руслан: «Тахана некъаш хIунда деш ду? Экономика муха талура ю, шен гIуллакхе воьдуш-воьгIуш волу стаг а, белхахой эцна йоьдуш автобус а, шIишлошъяран гIирс эцна йоьду машен а, дарбан хIусаме йоьду машен а, дIа ца йоьхуьйтуш новкъарлонаш еш хилча? «Единая, неделимая Россия» хIунда дуьйцу, екъа а екъна пачхьалкх хилча? Полицийн белхахоша екъна ю-кх иза. шайна сом делчхьана, цара йоькъу иза, блок-пост олий бетоннаш хIумш вахь а йоьхкий. Мичахь ю сан бакъонаш? Ас машен стенна оьцу, ас ял стенна ло?».

Дозанашкахь деххачу сахьташкахь, латта гIелвеллачу совдегархочо Руслана, ша тайпа ойланаш йо оцу хIумнех лаьцна. Наггахь, цхьа леррина, нехан оьгIазло хилийта лелош хIума дуй теша, бохуш шек а ву иза.

Руслан: «Масситта шарахь, шозза сан махкахь тIом а баьккхина, 300 эзар сан махкахо а вийна, суна Оьрсийчоьнан вахархо ву аьлла и цIе хIунда елла суна? 50 шаре воьрзуш ма ву со. Ткъе масситта шарахь хIара бала хьегар кIордийна. ТIаьххьара, сайна собар кхачаделча, аса хIун дийра ду хаьа суна - царна тIе а вахана, я айса цхьаъ вийна а, я со вейтина, цхьаъ дийра ду. Оцу хьоле валийна кхара со».

Блок-посташ, республикийн дозанашкахь, вонуо, пайдехь хуьлу цигахь лаьттачарна. ШозлогIа тIом жигара боьдучу хенахь, Кавказ блок-пост яра, шен буьрсаллийца, къизаллица гIаръяьлла. Хийла жима стаг вайна цигахь доь доцуш. Цхьацца болчу хаамашца, оцу цхьана блок-посто, баттахь 300 эзар доллар мах бора.
XS
SM
MD
LG