ТIекхочийла долу линкаш

Турчинов: Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал яьккхина шолгIа леррина операци ю


Украинан Днепропетровск-гIалин кIоштан администрацин гIишло дIа а лаьцна, йозуш йоцу «Донецкан къоман республика» дIакхайкхийна Оьрсийчоьнехьа болчу жигархоша. Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхам а бина, «ханна машарбархой хьовсабахьара» аьлла. Цул сов, Стигалкъекъа беттан 11-чу дийнахь референдум дIаяхьа сацам а бина, цу кIоштан кхане билгалъяйоккхуш.

Украинан Лакхарчу Радо шинарин дийнахь дийцаре доккхур ду, сепартизмана а, пачхьалкхана дуьхьал долчу кхечу зуламашна а таIзар къасторца доьзна хаттар. И аьлла дIахьедар дина Радин спикеро, ханна Украинан президентан декхарш кхочушдечу Турчинов Александро.

«Аса боккха ларам бо тайп-тайпана политикан хьажамашка, тхайна дуьхьал лаьттачеран а цхьаьна. Амма, шен махкахойн дахарна кхерам а боккхуш, сепаратизм а, шен пачхьалкхана дуьхьал герз даккхар а, политика яц. Иза хаза нехан доккха зулам ду. Цундела, зуламхойн агIора яха хьашт йолу гIулчаш йохур ю оха.»

Украинин къилбехь хиллачуьн мах хадош, иза Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал яьккхина шолгIа леррина операци ю, элира Турчиновс. Шайн махкара хьал галдаккха а, Украинин Iедал карчон а, харжамаш юкъахбаха а Iалашо ю цуьнан. «ГIирмехь диннарг малхбалехь а чекхдаккха гIерта Украинан мостагIий, амма шаьш иза чекхдолуьйтур дац», - элира Турчиновс.
XS
SM
MD
LG