ТIекхочийла долу линкаш

ФСБена сема хилар тIедиллина Путина


Оьрсийн президента Путин Владимира Федералан Кхерамазаллин Сервисана омар делла, сема хила тIемалой тIелатарна а, Украинера хьал дохош, Iедалх йозуш йоцчу организацешка дакъа ца лацийта а, аьлла.

Оршот дийнахь ФСБен урхаллийн куьйгалхошца цхьаьнакхеттачу Путина элира, Сочера Олимпан ловзарш дIадрзинехь а, само йе, Украинехь малхбузено нехан кортош схьаэцаро сагаттадойту шега.

Путинас бахарехь, даханчу шарахь арахьарчу къайлахчу сервисийн 46 белхахо а, церан 258 агент а лаьцнера Оьрсийчохь ФСБено.

Цо, цаьрга иштта дийхира, Оьрсийчоьнан Арктикаца долу доза тодар. Цул сов, ОвхIан пачхьалкхера эскарш арадаьхначул тIаьхьа, Юккъерчу Азера оьрсийн «бертахошна» гIо эша там бу, шаьш долчуьра хьал доха ца дайта, бохуш вара Путин.
XS
SM
MD
LG