ТIекхочийла долу линкаш

ПАСЕна хIуьттаренна шайн махкахошна воьн кхел юха а юкъаялон дагахь ю Оьрсийчоь


Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн Лого (PACE)

Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейн Лого (PACE)

Оршот дийнахь дIайолаелла Европин Кхеташонан Парламентан ассамблеян рогIера сесси. Масех денна дахлур долчу цу вовшахкхетарехь йийцаре йийр ду, Оьрсийчоьнна дуьхьал яха лерина гIулчаш.

Украинин декъана, ГIирма ах-гIайренна, Оьрсийчоьно аннекси яр бахьана долуш Европано Оьрсийчоьнна дуьхьал йохуш йолу гIулчаш хIинцалца схьа юккъеяьхначу санкцешца кхачалуш йоцийла гойту оршот дийнахь Страсбургехь дIайолаеллачу Европин Кхеташонан Парламентан ассамбелеян сессино. Цигахь йийцаре ян лерина ю Оьрсийчоьнца йоьзна шиъ проект.

Царех цхьаъ мелла а кIедох ларалуш ерг ю - иза Европерчу парламентхоша тIеэцахь, Оьрсийчоьнан, мел кIезга а, цхьаьна шарчохь ассамблеян балхахь дакъа лаца йиш хир яц, я муьлхха а сацам тIеоьцучу хенахь цуьнан аз а хир дац. ШозлагIа проект луьрох ларалуш ю - цунна евродепутаташ резахилахь, тIаккха Оьрсийчоь Европан Кхеташонан Парламентан ассамблеян юккъера арайоккхур ю.

Ткъа цу хьокъехь болу сацам парламентхоша еарий дийнахь, охан беттан итталгIачохь, тIеоьцур бу. ХIунда аьлча цу дийнахь сессин коьрта дакъа Украинин гуонахьарчу хиламашна лерина хир ду, вистхила кхайкхина цу пачхьалкхан премьер-министр Яценюк Арсений а волуш.

Жимма хьалхехьуо ассамбелян куьйгалхочуо Брассёр Аннс „Deutsche Welle“ еллачу интервьюхь цуо билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнна дуьхьар яха тарлуш йолу гIулчаш вуно тайп-тайпана ю аьлла. Оьрсийн делегацера йист хила бакъо дIаяккхарна тIера, цаьрга шаьш декъа болчу комитеташкахь болх бан дехкар чу лоцуш, яккхане а Оьрсийчоь ассамблея юккъера араяккхаре кхаччалц.

„ГIирмех лаьцна аьлча, ас айса сайгара а, ассамблеян куьйгалхочуо санна хийлаза хIинцалца схьа дIахаийтина ду: Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси яр магийта йиш йолуш хIума дац. Ас иза дера емал а до. Ткъа ассамблеяно цу хьокъехь тIеэца тарлучу санкцех аьлча, цигахь шен цхьа лерина процедура ю. „хIара санкцеш хIокху хьолехь юккъейоху“ бохучу хьесапех хIиттийна тептарш тхан дац, цундела дерриге а сессин балхахь гучудер ду“, - элира цуо.

Ткъа цкъачунна, цу гуламан сайта тIехь динчу дIахьедарца, оьрсийн делегацин бакъонаш юхалистар хир ду ассамблеяно дийцаре диллина.

Цу юкъана Оьрсийчоьнан политикаш ассамблеян сацамашна дуьхьало ян кечлуш бу кху тIаьхьарчу масех дийнахь. Бакъду, цара яха кечйина, я вуьшта аьлча, шаьш йохур ю бохуш Малхбузенна кхерамаш туьйсуш йолу гIулчаш, цхьана кицанахь ма-аллара, „кондукторна хIуттаре ярхьама гIаш гIур ву со“ бохучу хьесапех тера ю.

Масала, Федерацин Кхеташонан декъашхочуо Морозов Игорс журналисташка динчу дIахьедарца, нагахь санна Оьрсийчоь Европин парламентан ассамблея юккъера арайоккхуш хилахь, тIаккха цу пачхьалкхено зуламаш динчу тутмакхашна байъарца таIзарш дан магош долу низам юха а юккъедоккхур ду. ХIунда аьлча цу кепара зуламхошна бекхам барна йолу мораторий Оьрсийчоь ассамблеяна юккъеоьцучу хенахь тIелаьцна яр.

Иштта, оццу Морозовс чIагIдарехь, Оьрсийчоь ассамблеяна юккъера арайоккхуш хилахь, Страсбургерчу адамийн бакъонашца йолчу кхело Оьрсийчуьрчу бахархойн хьокъехь тIе мел эцна болу сацам а нуьцкъалера бер бу. Ткъа иза, шеко а йоцуш, бIеннаш нохчийх хьакхалур ду, хIинцалца схьа шайн латкъамийн хьокъехь Страсбургерчу кхело сацамаш тIеэцна болчу, я цу сацамашка шерашкахь ладоьгIуш Iаш болчу.

Вевзаш волчу адамийн бакъонаш ларъярхочунна Бадалов Русланна хетарехь, шайн байъинчу я тIепаза байначу нехан хьокъехь латкъамашна жоп даларе сатуьйсачарна а, амма иштта бехк болуш а, боцуш а набахтешкахь бохкучарна а и ший а гIулч, нагахь санна гIуллакх царна тIе далахь, вуно лазаме хир ю.

Бадалов Руслан: „БIеннашкахь нохчаша чуделла ду цу кхеле кехаташ, Оьрсийчоьхь бакъ а, нйисо а кара а ца йина. Царна юккъехь сан ваша а ву. Дукхаъберш тIепаза байначу нахах лаьцна ду и кехаташ. Ахчанца компенсаци царна яхь а, амма цул тIаьхьа бан безаш болу талламаш я бехкенарш жоьпалле озор – и хIума оьрсаша иштта а деш дацара.

Маьрша нах бу нохчийн дуккхаъ, бехк-гуьнахь а доцуш, дуккхаъчу шерашкахь я велла дIаваллалца хенаш тоьхна, чохь бохкуш. Царна а боккха эшам хир бу. Хьалха дуьйна бара уьш Европерчу кхеле нохчи ца кхачийта гIерташ. ХIинца цара цу Кхелана юккъера арабовла сацам баь, нохчашна вуно новкъа дер долуш хIума ду иза“.

Ала догIу, Малхбузенна хIуьттаре ярхьама, шен бахархошна зене болу сацамаш тIеэцар Оьрсийчоьнан политикан куьйгалло хьалхехь дуьйна юхьаралаьцна хилар. Иштта, масала, даханчу шарахь „Магнитскийн акт“ цIе йолу санкцеш Цхьаьнатоьхначу Штаташа къобалйинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думано сихонца тIеийцира „Яковлев Димин низам“ аьлла цIе яьржина хилла низам, Iамеркерчу доьзалшна оьрсийн буобераш долахар доьхкуш долу.

И бахьана долуш хIора шарахь Iапказал дехьарчу доьзалша доладохуш хилла долу масех эзар буобер, шайна юкъехь дуккхаъ заьIапнарш а долуш, гIолехьчу дахаре цхьа а сатийсам боцуш дисира, дай-наноша дIатийсинчу байшна леринчу чот йоцучу оьрсийн берийн кхерчашкахь.
XS
SM
MD
LG