ТIекхочийла долу линкаш

2014 шарахь амнисти шуьйра йе аьлла кхайкхина Путине, омбудсмен лаьттинчу Лукина


ХIокху шарахь еш йийр йолу амнисти мелла а шуьйрачу барамехь дIаяхьара кхайкхина Путине, Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула омбудсмен хиллачу Лукин Владимира.

Даханчу шарахь йина амнисти жима яра, хьалхалерчу шарахькахь йинчуьнга хьаьжча, элира Лукина, ша оьрсийн президентаца цхьанакхетча.

Зазадоккху беттан 18-чу дийнахь и дарж дитинчу Лукина жамI довзийтира, 2013-чу ша бинчу белхан.
XS
SM
MD
LG