ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Имарат Кавказан лидер лаьттина Умаров Докка вийна хилар тIечIагIдина ФСБено


Оьрсийчура Федералан Кхерамазаллин Сервисан директора Бортников Александра тIечIагIдина Имарат Кавказан лидер лаьттина волу Умаров Докка вийна хилар.

Ша урхалла дечу Къоман Антитерроран комитетехь вистхуьлуш цо хаам бира, 2014-чу шеран юьххьехь «талламан-тIеман болх беш» хилла ду иза, аьлла. Цул сов, 200 тIемало а лаьцна, аьлла хаам бира Бортниковс.

Умаров Докка верах лаьцна хаам шен сайта тIе Зазадоккху-беттан 18-чу дийнахь тоьхнера Имарат Кавказан сайто. ХIетахь, иза вийна хилар тIечIагIдан реза хиллера ФСБ. Ша шех дIакхайкхийначу Имарат Кавказан лидер лоьхуш дукха лерина операцеш дIаяьхьнера Къилбаседа Кавказехь. Иза вийна боху хаамаш а бора юкъ-кара.

Оьрсийчохь хилла масех теракт юзу Умаров Доккин цIарца. Даханчу шарахь аьхка цо видеохаам бинера, Сочера Iаьнан Олимпан ловзарш юкъахдаха, Оьрсийчоьнан латта тIехь теракташ яр доьхкуш бина сацам юхабоккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG