ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТОн инарла секретаро варе дина Оьрсийчоьнна, Украинан малхбалерчу латтанашна чугIортахь, иза Москохан «историкан гIалат» хир ду аьлла


НАТОн инарла секретаро Расмуссен Андерса Оьрсийчоьнна варе дина, Оьрсийчоь Украинан малхбалерчу латтанашна муьлххачу а кепара чугIортахь, иза Москохан «историкан гIалат» хир ду, аьлла.

Цо Оьрсийчоьнна тIедиллина, Украинан дозанера эскарш дIаозар. Расмуссена бахарехь, дозанашкахь дIатардина эскарш ду, «иттаннаш эзарнаш» барамехь.

Москохан а, НАТОн а юкъаметтигаш «кхоччуш талхор» а ю, Оьрсийчоь дуьненах каьстар а ю, кхин дIа а иза Украинан гIуллакхашна юкаъгIертахь, аьлла дIахьедар дира Расмуссена, шинарин дийнахь Парижехь вистхуьлуш.

Оццу хенахь, Харьковехь, Луганскехь, Донецкехь а Оьрсийчоьнехьа болчу жигархоша дIалаьцна Iедалан хьукхматаш схьаяха гIерташ дара Украинан Iедалш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG