ТIекхочийла долу линкаш

Еа агIонан Украина йийцаран дагадовларш хила тарло кеста


Украина-Оьрсийчоь-Европан Барт, Цхьанатоьхна Штаташ цхьана стоьла тIе а хевшина, Украинехь кхолладелла хьал дийца тарло тIедогIучу кIирнахь.
И аьлла журналисташка дIахьедар дина, Украинан арахьарчу гIуллакхийн министраллин информацин политикан департаментан директоро Перебийнис Евгенийс.

Оршот дийнахь и тайпа дагадовларш дIадахьа аьтто хила тарло аьлла дIахьедар динера, Iамеркан пачхьалкхан департаментан векало Псаки Джена, Керри Джона а, оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс а Украинера хьал дийцинчул тIаьхьа.

Украинан малхбалехь хуьлург «цIеххьана» хиллачух тера дац аьллера Керрис Лавровга. КIайчу ЦIийно бахарехь, дуьззина тоьшаллаш ду, Украинан малхбалерчу нехан протесташкахь дакъа лоцурш хилларш, меттигера нах ца хиларна а, цигахь дакъа лацарна, цу жигархошна ахчанаш делла хиларна а. Москох зорбан-конференци еллачу Лавровс керстадира, Украинан малхбалехь хиллачунна Москох куьгбехке ю бохург.
XS
SM
MD
LG