ТIекхочийла долу линкаш

ПАСЕра дIайодахь а, воь кхел юхаюкъаяккха дагахь яц Оьрсийчоь


Нагахь санна Оьрсийчоь Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейра араялахь, Оьрсийчохь воь кхел юха а юкъайоккхур ю бохург бакъ ца дина, Оьрсийчоьнан юстицин министралло.

Европан Кхеташонан Бакъонашца а догIуш, ПАСЕ, Европан Кхеташонан хьукхматах цхьаъ ю. Цу организацера цуьнан векалалла ханна юкъахдаккхарх я, иза араяларх а, Оьрсийн Федерацино тIеэцна дуьненаюкъара декхарш кхочушдан ца деза, боху юстицин министралло.

Масех де хьалха, вен кхел юха а юкъаяккха тарулрг хиларх лаьцна дIахьедар динера, сенаторо Морозов Игора. Цул сов, Страсбургера адамийн бакъонийн кхело бина сацамаш кхочушбар а тIехь хир дац Оьрсийчоьнна, аьллера сенаторо.
XS
SM
MD
LG