ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Iамеркан Аз» радиоца йолу контракт сацийна Оьрсийчоьно


«Iамеркан Аз» радио Оьрсийчохь хазийтарца йоьзна контракт сацайо аьлла, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн хаамийн хаттаршкахула йолчу Кхеташоне хаам бина Оьрсийчоьно.

«Iамеркан Аз» радионо шен конракт яхъярца доьзна дахьийтинчу дехарна дуьхьал: «Тхо цхьанаболх бан дагахь дац» аьлла жоп делла «Оьрсийчоь тахана» агенталлин директоро Киселев Дмитрийс.

Iамеркан Озо» шен сайта тIехь бечу хаамца, BBG-н куьйгалхочо Шелл Джефрис дIахьедар дина: «Москохо харц некъ а хаьржина, дешан маьршо ехка сацам бина. Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсийн аьтто бу, Iамеркехь болчу а, дерриг дуьненара а хаамийн гIирсашна тIекхача, Оьрсийчура бахархойн а хила хила беза изза аьтто», аьлла.

Иза политикан сацам бу, Путинан Оьрсийчоь кхиаран амалца богIуш болу – массо хIуманна цензура хIоттон а, пропаганда эвсара яккха а», аьлла дIахьедар дина Оьрсийчура оппозицин векало Немцов Бориса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG