ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахча доккху гIирс бу Кавказера блокпосташ


Украина -- Херсон-кIоштахь украинхой-дозанхой бу кира лелон машенаш толлуш, 21Заз2014
Украина -- Херсон-кIоштахь украинхой-дозанхой бу кира лелон машенаш толлуш, 21Заз2014

Ткъа шо сов хан ю Нохчийчоьнна го баьккхина блокпосташ лаьтта. Официала кепара тIом дIабирзина бохуш кхайкхош долу а ю дикка хан. Шуна хетарехь, стенна латтош ю уьш? Уьш дIаяьхча хIун хир ду?

Къилбаседа Кавказехь блокпосташ стенна латтайо боху хаттар кхоже а диллинера оха.
Къилбаседа Кавказехь тIом бу боьдуш, уьш цундела латтайо боху хаттамехь дакъалаьцначех 53 проценто.

Блок-посташ тIемалошна дуьхьало еш латтайо аьлла хеташ цхьа а ца ваьлла.


Блок-посташ оьшу, цара кхерамзалла латтайо бахархошна аьлла хета 6 процент ладогIархошна а, сайт йоьшучарна а.

Ха дархошка нахера хьарам ахчанаш дохуьйтуш латтайо блок-посташ боху 35 проценто.
Оьшуш яц блок-посташ, царех зулам бен далац аьлла хета 6 процентна.

Исторера беламе агIо дагайоуьйту Нохчийчохь лаьттачу блок-посташа. Петр Хьалхарчунна тIевахна, боху, хьаькамел а воккха хьакам, шен куьйга кIелхьарчу хьакамийн алапаш лакхадахахьара аьлла. «Сия сволочь сама себя прокормит» ( Оцу нажжазе шега а кхобалур ву ша) - хилла бах императоран жоп.

Оьрсийчуьрчу коррупцин хIазарех цхьа хIоз бу, Маршо Радиоца гергарло леладечарна хетарехь, Кавказера блок-посташ.

Теркйистерчу Мусас а боху, махкахь лаьтта ханаш нахе цара дIасалелабе кир шайца боькъуьйтуш, йохк-эцархойшкара хуьскаш яхархьама латтайо Iедало.
Линкана тIе

Новкъахь лаьтта эскархой бу боху Новр-ГIаларчу Ризвана нохчийн паспортистийн, къепе латторан, адамаш литтаран коьрта охIланаш. Шена блок-постех хуьлу хало ялхайо цо а.
Линкана тIе

Нохчийчоьнан маьI-маьIнера бу хаттарна жоьпаш лурш.
Яртийн, къоштийн дозанашкахь эскархойн, полицин дакъош латтор оцу хадархошна Iедало напха даккха меттигаш кхачош хилар ду боху Теркйистерчу Хаважис.
Линкана тIе

Блок-постех долу зе а, дика а шен хьекъалан терзанца дусту Шелковскерчу Асламбека.
Линкана тIе

Теркйистерчу Мусас а боху, махкахь лаьтта ханаш нахе цара дIасалелабе кир шайца боькъуьйтуш, йохк-эцархойшкара хуьскаш яхархьама латтайо Iедало.
Линкана тIе

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG