ТIекхочийла долу линкаш

Европан Кхеташонера яьккхина Оьрсийчоь



Карара шо чекхдаллалц йолчу ханна Оьрсийчоь кхожан бакъонах яьккхина Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеяно. И сацам къобалбина 145 депутато, 21 духьал хилла, 22 ойла ца йовзуьйтуш висина. Йинчу кхелана резабоцуш, ассамблеян кхеташо дIатесна Оьрсийчоьнан векалша.

Иштта дIаяьккхина Оьрсийчоь Европарламентан Кхеташонах куьйгалла дечу массо а тегIанашкара а– Ассамблеян Боро юккъера а, Президентан а, Даим болхбечу а комитеташкара а. Ассамблеян цIарх терго ечу миссешкахь а хир яц Оьрсийчоь шо чекхдаллалц.
XS
SM
MD
LG