ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIиргIазойн газ оьрсийн карайирзина



ГIиргIазойчохь газ йоккху къоман корпораци шен куьйга кIел эцна Оьрсийчуьрчу Газпромо. Еарийдийнахь журналисташка иштта хаам бина Оьрсийчуьрчу газйоккхучу концернан куьйгалхочо Миллер Алексейс, ша гIиргIазой Iедалца бертан кехат яздина ваьлча.

ХIинца Кыргызгазан цIе Газпром-Кыргызстан хир ю, элира Миллера. Цо бахарехь, гIиргIазойн газъяккхархошна тIехь долу ахчан декхарш шена тIоьцу Газпромо, иштта лахбийр бу махкарчу бахархоша хIинццалц газах луш хилла мах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG