ТIекхочийла долу линкаш

Хеннахь ЦарнаевгIар ца бовзийтарна Москох бехкейо Вашингтоно



Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн талламийн комитето (ЦРУ) бехкейина Оьрсийчоь, цо шена хуъушехь нохчо Царнаев Тамерлан Бостонехь лелхийтарш дан воллуш хилар хьалххе ца хаийтарна. И дина хиллехь, зулам юхатохалур дара, боху дIахьедаро. Хууш ма-хиллара, шо хьалха вежарий ЦарнаевгIар Бостонерчу марафонехь лелхийтарш дарна Штаташа бехкебинчул тIаьхьа даржийра Оьрсийчуьрчу хьукматаша, шайна хууш дара ши ваша экстремистех вуйла а, цаьргара зе дала тарлойла а, аьлла.

Кхаарий дийнахь Бостонехь хилларг дийцаре деш, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Конгрессо лаккхара мах хадийна Бостонерчу Iедало лелхийтарш хиллачул тIаьхьа дIабаьхьначу кхерамзаллин барамийн.
XS
SM
MD
LG