ТIекхочийла долу линкаш

Нейдерландашкара набахтийн белхахой алсам бу, чохь латточарел а


Нейдерландашкахь хааме даьккхинчу хьесапца а догIуш, цу пачхьалкхера набахтийн белхахой алсам бу, чубоьхкина латточу нахел а.

Пачхьалкхан юстицин министраллин хьесапехь, ша верриг, таIзар даран системехь болх беш верг 9900 стаг ву. Ткъа набахтехь латтош верг 9700 стаг ву.

Министралло бахарехь, хIокху шеран Охана-баттахь набахтешкахь хан йоккхуш вуно кIезиг нах хилар билгалдаьлла. 6 шо хьалха уьш 15 эзар вара.
XS
SM
MD
LG