ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирман парламенто къобалъйина, ша шех дIакхайкхийначу республикан керла конституци.


Оьрсийчоьно шех дIатоьхначу ГIирма-гIайренан парламенто къобалъйина, ша шех дIакхайкхийначу республикан керла конституци. «ГIирмера хаамаш газетехь» шоьтан дийнахь зорба тохарца, иза низамехь чIагIъелла лоруш ю.

Зазадоккху-беттан 16-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Iедалша урхалла деш, дIаяьхьначу референдумехь 96 процентал сов наха кхаьжнаш теснера, Оьрсийчоьнах дIакхетарехьа. Украино а, дукхах болчу дуьненан лидерша а къобал ца йина иза, дуьненаюкъара низамаш дохош ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG