ТIекхочийла долу линкаш

Берана тIеIаткъам бийриг аре яц, да-нана ду


Жима бер доггаха доьлу

Жима бер доггаха доьлу

Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчийн терахь алсам мел долу а, царна гIо-накъосталла даран а, хьехарш даран а, керлачу дахарехь дIатарлуш консультацешца белшашгIорторан а кхерчаш ца хилча йиш ца хилар билгалдолу.


И тайпа кхерчаш тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь, цигарчу нохчийн диаспорийн жигаралле а, барт хиларе а хьаьжжина, тайп-тайпанчу кхиамашца кхоьллина а, белхаш беш а елахь а, амма церан терахь а, цара беш болу белхаш а тоьуш ца хилар гойту замано. Хийраллехь бехаш болу нах, уьш муьлхачу къомах белахь а, шайн орамех ца хадийта, царна шайн къоман Iадаташ диц ца далийта, амма цуьнца цхьаьна уьш шайн керлачу Iер-дахарехь а кхиаме хилийта цу къоман диаспорина хьалханчаш оьшу, и дукъ шайна тIе а лаьцна, дIакхоьхьуш болу.

Австрехь нохчи, кхечу Европерачу пачхьалкхашкахьчул а, алсамох хиларна, церан юкъараллийн цхьанакхетараллаш а кIеззиг яц цигахь. Бакъду, массанхьа санна, екъаелла ю уьш, цхьа юкъара харш а, некъ а боцуш. Политикан а, динан а хьежамашца екъаелла а, хIораммо а шен-шен бакъ кхуьйсуш а ю цхьаццаерш, карарчу хенахь массанхьа а вайнах болчу меттехь ма-хиллара.

ХIетте а, Австрера цхьа могIа нохчийн юкъараллийн цхьаьнакхетараллаш вовшах а кхетта, цхьаьнаболхбарехь хьалхара гIулчаш яха гIерташ ю. И хIума юьхьаралаьцначех ю Санк-Поьлтенехь мухIажаршна Iуналла дечу социалан хьукматехь болх беш йолу а Эсмурзаева Мадина.

Мадина: „Суна тIеоьхурш вайнах а бу. Кхин долу оьрсийн мотт буьйцу къамнаш а ду. Уьш берриш а мухIажарш бу. Цара тIедохьуш долу хаттарш а тайп-тайпана хуьлу. Царна массарна ажоп карон а гIерта тхо, царна оьшу хьехар дан а, информаци яла, гIо дан а.“

Ша санна, кхечу Iедалан хьукматашкахь я юкъараллин цхьаьнакхетараллашкахь белхаш беш болу вайнах вовшашна тIекхочуш а, вовшех пайда оьцуш а ца хилахь, юкъара гIуллакх а дIагIур дац аьлла хеташ ю Мадина. ХIунда аьлча, цара массара а сатуьйсуш дерг а, ше дуьхьа къахьоьгуш дерг а цхьаъ ду – аренца бехачу нохчашна, нохчи а буьсуш, керлачу меттигашкахь дIатарбала гIодар.

Мадина: „Вовшашна тIе а боьлхуш, вовшех дага а бовлуш, цхьа агIо лелон беза кхузахб. Хьо санна нохчо а волуш, хьо санна болх беш а волуш волчу белхахочуьнца дагаялар а хир дара, вовшашна дуйла хаар а хир дара аьлла дагадеънера суна иштта цхьа юкъаралла кхолла. Вовшахкхетча, тхан дийца дуккхаъ хIума хуьлу, дуккхаъ хIума Iама а Iема тхуна. Кхин дIа йолчу ханна тхешан Iалашонаш билгал а йоху оха“.

Нохчи Европехь кхиаме бац, я царна интерграци ян ца лаьа боху хабарш бух болуш дац, боху Мадинас. Амма бакъду, кхузахь бехачарех цхьа дакъа ду, шаьш кесталгIа иштттаъ-вуьшттаъ а ДегIаста цIагIур ду, цундела кхузахь башха орамаш хеца хьашт дац шайн бохучу кхетамца бехаш. Цу ойлано царна шаьшна а, церан доьзалшна дахар холчу доккха аьлла хета цунна.

Мадина: „Травмаш хилла дукха нах бу вайна юккъехь, тIеман халонаш шайн синошца лараш йитина. Ишттачарна хала хуьлу болх карон а, мот Iамон а. Цхьаболчара-м царна интерграци ян ца лаьа олу, амма иза бакъ дац, массаьрга а ца яло интеграци а. Цхьаболчара тхо цIагур долуш ду, кхузахь Iийр долуш дац, олий, шаьшна а, шайна доьзалшна а ницкъ бо, шен доьзалан хIума кIеладуьту цара. Кхузара схьа а баьхна, хууш я оьрсийн а, я нохчийн а мотт а боцуш лортIехь, цIабигча, уьш цигахь а хир бу хийра, я болх ца карош, я дIатарбала аьтто а боцуш“.

Меттигерчу вайнахалахь, къаьстина кесталгIа схьабаьхкинчарна юккъехь, - меттигера Iадаташ а, низамаш а ца девзаш, царех мелла а кхоьруш болчу, - цхьацца ша-башха комплексаш а, кхерамаш а лела, бохуш дуьйцу Мадинас, шайн доьзал талхарна а, царна Европерчу дахаро зене тIеIаткъам барна а. Царна уггаре а хьалха шаьш бехачу махкара низамаш довза деза, ишколех а, доьзалех а, динах а долу низамаш. Уьш ца довзаро кхерамаш а, эладитташ а кхуллу.

Мадина: „И теманаш йийца волалалахь, уьш вуно дукха хир ю. Масала, биологи Iамаяйтат ца лаьара шаьшна шайн берашна, цу урокехь зударий, божарийн дегIан меженаш а, физиологи а юьйцуш хиларна, бохуш берш а бу дуккхаъ вайнахана юккъехь. Оха царна кхетадан гIурту, иза хIунда Iамош ду ишколехь, хIун маьIна ду цуьнан бохург.

Амма иллаъ-биллаъ тхуна ца лаьа иза Iамадайта бохуш цара делахь, тIаккха уш хьовса беза, низамо хIун боху. Кхара кхузахь вайга лаахь-ца лаахь зудабер лийча Iаморан уроке дахийта а ца боху. Я католикан керистаний уроке дахийта а ца боху. Вайн дин а, Iадаташ а тидаме оьцу кхара, хIунда аьлча кхузахь мултикултуран юкъаралла ю“.

Беккъа цхьа бехкамаш барх гIо хир дац, дай-наноша шайн доьзалшца хаддаза болх ца бахь, цаьрца хан ца яйъахь, къа а ца хьегахь аьлла хета Мадинина.

Мадина: „ХIора дас-нанас дийнахь I-2 сахьт шайн доьзалца къамел деш доккхуш хила деза, тIаккха и тайпа конфликташ хир яцара. Мегаш дац аьлла ца Iаш, цу хIуман бух бийца беза, кхетон деза бераш, хIунда ца мега ца мегаш дерг бохучух. Вай вешан къомана юккъехь кхуьуш дац, гуоанахь тайп-тукхам, куп яц, я шич-маьхча а вац, хьехар дан Iамон. И доллу дукъ кхузахь дай-наношна тIехь дуьссуш ду. Нагахь санна шайн доьзал царна шайна хетачу агIор кхион лаахь, цара тIаккха дуккхаъ инвестицеш ян еза цаьрца болхбарна“.

Ша ваьхначу а, кхиинчу а махкахь а хаьдда, хийраллехь доьзал кхион а, когаира хIоттон а атта доцийла кхеташ ду. Нохчел хьалха а хилла кху лаьттахь хийла шайн махках бевлла, мухIажарийн декъахь некъаш дан дезнарш а, керлачу дахарах, лаахь а, ца лаахь а дIаиэн дезнарш а.

Церан зеделлачух а масала а оьцуш, вовшех дага а довлуш, амма уггаре а хьалха вовший беза а безаш, вовшех къа хеташ хила беза аренца болу вайнах, вуьшта церан юкъара гIуллакъ дIагур дац аьлла хета дуккхаъ шерашкахь мухIажаршца болх беш йолчу Мадинина.
XS
SM
MD
LG