ТIекхочийла долу линкаш

Собар кхачийна гIалгIай митингашка арабевлла


ГIалгIайчоь, Магас

ГIалгIайчоь, Магас

ХIокху шина дийнахь ХIирийн махкана юккъехь йолчу Пригородни кIоштерчу гIалгIайн бахархоша митинг дIаяхьнера, шайн дIалаьцна волу ши юьртхо полицера схьавоьхуш. Орцах ваьлла вахана волу, кхин цхьа юккъаралхо а дIалаьцна муьлша бу ца хуучу герзахоша.

Дикка хан яра гIалгIайн юккъаралла иштта меттахъяланза. Бахьанаш дацара бохург дац иза. ТIаьххьарчу хенахь, лачкъийна, вийна-ваьккхина стаг вацара бехке боцучарех, амма, ши де хьалха Пригородни кIоштехь, хиллачо, дицделлачаьрна карладаьккхина, махкахь муха хьал ду.

Маьрша бахархойн хьокъехь йолу харцо ца лайна митинге арабоьвлера оцу кIоштера нах. Шина дийнахь, «Кавказ» цIе лелочу федерала некъ тIехь митинг дIаяхьира цара. Iалашо- бехк-бахьан доцуш дIалаьцна волу шай ши юьртхо Гуражев Алисхан а, Баркинхоев Мустафа а мокъваккхар. И шиъ дIалаьцнера хIирийн полисхоша, наха бахарехь цхьа а бахьана а доцуш. Дуьйцу оцу акцехь дакълаьцначу юккъаралхочо Абадиев Мусас.

Абадиев Муса: ««Новый» олуш йолу юьрт ю иза. мухIажаршг бу цигахь бехаш. ГIалгIайн ши жима стаг дIавигна цигара хIирийша. Лулахой а ца кхайкхина и шиъ дIавуьгуш теш хила. Уьш шайца схьабахкийна хилла цара. Низамаш а дохош, церан цIахь талламаш а бина, чуьра цхьацца хIуманаш дIа а яьхьна.


Наркотикаш, цхьацца хIумана Абадиев Муса, блоггер

Абадиев Муса, блоггер

ш карийна боху. И хIума хилле, цхьанни ваша иштта дIа а вигина, вайна дIаваьлла ву цхьаннен ваша-Баркинхоев Iела. Бузуртанов Ахьмад цIе йолчу тренеран накъост хилла иза».

Видеокийсак ю оцу митингера гIараьяккхиниа. Цу тIехь гуш ду, митинге веъанчу, кхечу юккъаралхочо Султыгов Сераждис деш долу къамел. Нахана юккъера цуьнга цхьаммо олу: айхь дуьйцург вуо дIяздойту ахь ваша. Цхьа хIума хууш санна. Сийсара буьйсана Султыгов а дIалаьцна муьлаш бу ца хуучу наха.

Абадиев Муса: «Буьйсана итт сахь даьлча, оха дIа цIа вигира Сиражди. 11 сахь доллуш, ламаз а дина дIавижина хилла иза. Ковнаш доха а дина, туьтмIаьжгеш а йоьхна Iедал чудаьлла цунна. Паспорт а дIадаьхьана цуьнан, телефонаш а дIаяхьан. Хьан вигина а, мичахь ву а хууш дац. Иза лохуш ду тхо».

Шайна тIехь лелочу харцонна доьхьал бахархойн митинг дIасалаьлина полицино. Цхьаболчарна гIуданаш а тоьхна. Нах арабовлар коьрта бахьан и ши кIант а дацара бохуш, кхиин дIа а дуьйцу Абадиев Мусас.

Абадиев Муса: «Селхана митинге гулбелла нах, леррина оцу цхьана бахьанна баьхкина бацара. Иза, собар а кхачийна хIума дара. ХIоранне шен-шен бала бара. Оцу шина кIентана наха, дIагIо баьхча а, шай гIуллакхан даьхкина шаьш олура. Тхан а дIабигна дуккха а бохура цара. Цхьанна а агIора, кхерамазалла йолуш бац уьш. ХIирийн Iедал ма дай, царна и хIумш лелош дерг. Царна гIо дай,тIехIотта а гIалгIайн Iедал а дац».

Майски оьвлара дIавигина волу ши кIант мичча чохь валлаш ву хууш ду, амма, тахана а, са ца гуш волу Султыгов Сираждийн кхоллам муха хилла, я иза дIавигнарш муьлша бу хууш дац.

И хIума хилла Iаш дац, юккъаралла сингаттамехь латтийна. Селхана, гIалгIайн цхьана блоггеро шен сайт тIехь хаам баржийна, махкахь воьвзуш волу бакъонашларъярхо Муцольгов Мохьмад вен мегаш ву аьлла. Шега, тешамечу хьостано, бахарехь, оцу гIуллакхан махка еана ю къайлахьчу сервисан леррина тоба.

ГIалгIайн юкъараллхо Муцольгов Мохьмад

ГIалгIайн юкъараллхо Муцольгов Мохьмад

Шега Муцольгов Мохьмаде телефон дIа ца кхийтира, цунна хIун хета цуьнах лаьцна аьлла хата, амма, цуо шен блог чохь язйина, таханалерачу дийнахь стаг вен регионехь леррина тоба оьшуш яц аьлла. Iожалла а, кхин мел долу хIума санна Делера долун дела, шен дахарехь а, ша дIалелочу бакъонашларъярхойн некъан амалш хийца дагахь вац ша аьлла дIахьедар дина гIалгIайн бакъонашларъярхочо.

Кхузахь дагадаийтиа деза, Муцольгован тIехь кехарм бу аьлла хаам гIарабьккхинчу блогеро бина цхьаболу хаамаш, бакъ хиллийла. Масла, дукха хан йоцуш, цуо хаам бинера, Карабулак гIалара полицийн куьйгалхо балхара дIавоккхура ву аьлла. Бахьанаш а дацара, амма, цуо и яздинчулла тIаьхьа дукха хан ялле иза вуохийра оцу даржера.
XS
SM
MD
LG