ТIекхочийла долу линкаш

Украинан малхбалера Славянск-гIалин администрацин гIишлонна тIехула оьрсийн байракх оьллина иза дIалаьцначу жигархоша


Украинан малхбалера Славянск-гIалин администрацин гIишло дIалаьцначу жигархоша цунна тIехула оьрсийн баракх оьллина. И аьлла хаам бина, Славянскан мэро Штпеа Неляс. Цо дийцарехь, гIалин кхеташонан гIишло чохь эзар гергга нах гулбелла.

Оццу дийнахь, Оьрсийчоьнехьа болчу жигархоша дIалаьцна Кхерамазаллин Сервисан гIишло а, кIоштан полицин дакъа а.

УНИАН агенталло бечу хаамца, милицин декъехь герз долуш ткъеха стаг ву. Цара шаьш «Донецк Республикан хьалхе лелон тоба» ю аьлла. Милицин декъехь мел хилла белхахой ара а бовлийтина, цара шайна дерзийна цу чохь хилла герз – 400 тапча а, 20 сов масатоп а.

130,000 стаг вехаш йолу Славянск Донецкана бIе чаккхарма къилбаседехьа ю.
Украинан Арахьарчу гIуллакхийн министран декхарш кхочушдечу Дещица Андрейс хьастагIа кхайкхам бинера оьрсийн лерринчу ницкъашка, Украинан малхбалера кIошташкахь питанаш ма леладе, аьлла.

Яханчу буса Донецкехь а хаьвсинера, кIоштан прокуратура лаца. Амма и Iалашо кхочуш ца ялуш йисина.

ТIаьхьарчу деношкахь Украинан малхбалерчу гIаланашкахь акцеш ю дIахьош, Киевехь ханна чIагIделлачу Iедалехьа а, цунна дуьхьала а. И ша дерриг доладелла, Чиллан баттахь Москохана муьтIахь хилла Украинан президент Янукович Виктор Оьрсийчу веддчхьана дуьйна.
XS
SM
MD
LG