ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан малхбалера кIошташкахь питанаш ца даре кхайкхина Москохе Дещица Андрейс


Украинан Арахьарчу гIуллакхийн министран декхарш кхочушдечу Дещица Андрейс хьастагIа кхайкхам бинера оьрсийн лерринчу ницкъашка, Украинан малхбалера кIошташкахь питанаш ма леладе, аьлла. Дещичас дакъа лоцур ду, Охана-беттан 17-чуу дийнахь Женевехь дIадахьа кечдинчу, Iамеркан-Европан Бертан-Украинан-Оьрсийчоьнан дагадовларшкахь.

Оьрсийчоьнехьа болу герз долу нах кхайкхамаш беш бу, Украинина федерализаци йе, бохуш. Яханчу буса Донецкехь а хаьвсинера, кIоштан прокуратура лаца. Амма и Iалашо кхочуш ца ялуш йисина. ТIаьхьарчу деношкахь Украинан малхбалерчу гIаланашкахь акцеш ю дIахьош, Киевехь ханна чIагIделлачу Iедалехьа а, цунна дуьхьала а. И ша дерриг доладелла, Чиллан баттахь Москохана муьтIахь хилла Украинан президент Янукович Виктор Оьрсийчу веддчхьана дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG