ТIекхочийла долу линкаш

Референдум хила тарло Украинехь



Украинан президентан декхарш кхочуш дечу Турчинов Александра дIахьедина, шайн Iедал дуьхьал дац Украинан пачхьалкхаллин кеп халкъе референдумехь къастаяйта, аьлла. И тайпа референдум президентан харжамаш боллучу дийнахь, Стигалкъекъа-беттан 25-чу дийнахь ян а мега, элира цо оршот дийнахь телевизионехула.Турчинов тешна ву, дукхахболчу бахархоша Украинан цхьаалла тIечIагIйийриг хиларх.
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс а дIахьедина, Украинан Iедало алссам референдум дIаяхьарх ойла ян еза, аьлла. Украинан малхбалерчу къошташкахь бехачу оьрсех болу сепаратисташ а бу махкахь референдум хIоттон еза аьлла хеташ.

Турчиновн Iедало герз охьадилла аьлла кхайкхийначу ультиматумах терго еш а бац цкъачунна малхбалерчу гIаланашкара Iедалан хIусамаш лецна Iен герзахой. Ультиматум кхочуш ца яхь, шаьш шуьйрра тIеман барамаш болор буйла хаийтина Турчиновс а, цуьнан гоно а.
XS
SM
MD
LG