ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа полюсе а кхаьчна Кадыров



Ша-тайпа, куьрьез олучех бу хIара хаам. Къилбаседа полюсехь Нохчийчоьнан байракх йоьгIна къоман турпалхойн хьомара, уггаре а хьалха Кадыров Ахьмадан сийнна, хаам бина шен интернетерчу хьостанашкахь Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана. «И хилам, хенера хене а бер болуш, беза бу, сан омрица кеманца цига ваханера сан гIоьнча Мартынов Даниил», яздо Кадыровс. «Иштта Мартыновс кхочуш бина кхин а цхьа сан лаам – меттиг кечбина Къилбаседа полюсехь Нохчийчуьрчу парашютисташна чукхийссабала», хаам бо Кадыровс.
XS
SM
MD
LG