ТIекхочийла долу линкаш

Кремл юха а емалйина Украинаца мостагIалла лелорна


Цхьаьанкхеттачу Къаьмнийн организацин кхеташонехь

Цхьаьанкхеттачу Къаьмнийн организацин кхеташонехь

Оьрсийчоьнан дехарца рогIера доцу вовшахкхетар дIадаьхьна оршот буса Цхьаьнакхеттачу къамнийн юкъаралин кхерамазаллин кхеташоно. Амма цигахь Украинин Iедало шен махкахь йолийна къепе юхаметтахIотторан операци емал ян луучу Оьрсийчоьнна тIе ца тевжина гуламехь дакъалаьцначу пачхьалкхех цхьа а. Мелхо а, цу хьолана бехке Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш лерина цара.




Къепе юхаметтахIотторехь Украинин куьйгалло эскарех пайда эцар магийта йиш йолуш хIума дац боху ойла яра оршот буса сихонца вовшахкхеттачу Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин кхерамазаллин кхеташонан декъашхошка йийцаре ян Оьрсийчоьнан векалша йиллина хилларг.

Амма гулбеллачу 14 пачхьалкхан векалех цхьаммо и хIума къобал ца дира. Шинар деха вахнарг сту хьаьрчина веана бохучу кицанахь санна, мелхо а, цу гулбеллачара Оьрсийчоь харцдерг дийцарна бехке а йеш, ирачу критике дира Оьрсийчоьно Украинехь питанаш лелор, Малхбалерчу Украинехь хIоьттина хьал Кремло ГIирмина оккупаци ечу хенахь хIоьттина хиллачух тера а лоруш.

Кхерамазаллин кхеташонехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн векал йолчу Пауэр Самантас гаррехь дIахьедар дира, Украинин малхбалехь дерг „Оьрсийчоьно режиссура йина“ хьал ду аьлла. „Украинин къилба-малхбалехь координацица дIахьош йолу тIеман жигараллаш Оьрсийчоьно кхоьллина ю“, - элира цуо.
Ткъа цуьнан Британерчу коллегас Грант Лайалла Оьрсийчоьнга „дуьненан юкъаралла шен пропагандица Iехалур яц“ элира.

Кхин а дерох вистхилира Австралин векал, „Украинин къилба-малхбалера гIаттамхой – уьш Оьрсийчоьнан эскархой бу. Оха Оьрсийчоьне шен провокацеш сацоре кхойкху“, аьлла волу.

Иштта гулбеллачара билгалдаьккхира, Украинин куьйгаллин шен лаьттанаш лардан а, шен махкахь къепе Iалашъян а бакъо хилар.

Шен агIор, Оьрсийчоьнан Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллехь волчу векало Чуркин Виталийс шен вуно эмоционалечу къамелехь кхайкхамаш бира Малхбузене, Украинин Iедал сацаде бохуш. Даима а Кремлан векалша, шаьш харйо юьйцучу хенахь, далош долу шеконе далил хIинца а далийра Чуркина, Украинин куьйгалла оьрсий цабезаран лазаро лаьцна ду аьлла. „Адамалла ца дезаран дозане кхаьчна йолу русофоби Украинин Лакхарчу Радехь норма а хилла дIахIоьттина“, - элира цуо.

„Малхбузера майданхойн спонсорш а, царна тIехьа лаьтташ йолу Цхьаьнатоьхна Штаташ а декхарийлахь ю, шайн контролера бевлла болу и шаьш кхиийнарш совцон, царна неонацистех а, экстремистех а дIакъастар тIедожон а, ткъа иштта сихонца массо а регионашца диалог цаьрга дIайолаяйта а“, - бохуш дуьйцу Чуркина шен тоххарехь интернет машанехь дIасадаьржинчу вистхиларехь. Цуо боху, Украинехь кхолладелларг вуно кхераме хьал ду, цуьнан кхин а дIа хила там болу эскалаци хIокху сохьта саца ца яхь. Ша „Iедал дIалаьцна болу майданхойн“ олу Киевера Iедал сацадаре кхойкху цуо Малхбузера пачхьалкхаш.

Цунна дуьхьал Украинин векало Сергеев Юрийс шен пачхьалкхехь шортта тоьшаллаш ду элира, цигахь зуламаш лелош берш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахой хилар тIечIагIдеш долу. Кремлана агенташа Украинехь Iедал дIалацаран операци йолийна, элира цуо. Иштта, Сергеевс дийцарехь, цу балхана оьрсаша кечам беш йолу дуккхаъ хан хилла. 20 стаг волчу кегийрачу тобанашца Украинин гIаланашка а боьлхуш, вовшашца координаци а йолуш, герзаш долуш болчу цу оьрсийн агенташа лелош ду къепедацарш. Церан Iалашонаш, Сергеевс ма-аллара, Украинин малхбалера бахархой шайн агIор а оьцуш, царна герзаш декъар ю. И деррине а гаррехь гучудаьлла а, видегайтамашца тIечIагIдина а, дуьненаюкъарчу телевизионашкахула дIагайтина а факташ ю элира цуо.

Украинин векалан дешнаш тIечIагIдо Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн Украинерчу тергамхоша динчу дIахьедаро а. Цу тергамхойн миссин куьйгалхочуо Фернандес-Таранко Оскара билгалдаьккхира, Славянск гIалахь Iедалан кхерчаш дIалаьцнарш вуно дикчех герзаш а долуш, вовшашлахь дика координаци а йолуш болу нах бара аьлла. Цуо дийцарехь, цаьргахь автоматаш а, пулеметаш а, снайперийн герзаш а дара.
Украинерчу къепедацаршна бехке Москохара Iедал хиларехь шеко яц иштта НАТО тIеман альянсан инарла секретар волчу Расмуссен Фог Андерсанан а. КIирандийнахь ша динчу дIахьедарехь цуо элира, цигара дуьхьалонан акцеш – иза лерина вовшахтоьхна кампани ю, Оьрсийчоьнгахьа болчу сепаратисташа лелош йолу, аьлла. Ша лелочу питанашна кхинберш бехкебечара саца а сецна, шен эскарш юха а даьхна, кризисан деэскалаци ян йолаляла еза Оьрсийчоь элира цуо.
Цу юкъана, оршот дийнахь Люксембургехь вовшахкхетта Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министарш. Цара дийцаре дан леринчу хеттарех коьртаниг а ду Украинерчу хьолах лаьцна. Цул совнаха, Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш яхар а, Украинехь газаца долу хьал а толлур ду цара.
XS
SM
MD
LG