ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь тIом ца хилча, стенна латтадо цигахь эскарш?


Нохчийчоьнан дозанера блокпост, 2014

Нохчийчоьнан дозанера блокпост, 2014

Умаров Докка велла аьлла, хаам баьржинчул тIаьхьа, Нохчийчуьрчу Iедало д1ахьедина, махкахь шина куьйгийн пIелгашца багар баллал бен ца бисина тIемалой, аьлла. Хьал ишта хилча, кхечу регионашкара низамхой махка кхийлар саца стенна ца до Кремло, боху хаттар хIутту.




Дечу хьесапашца, Нохчийчуьрчу тIемалойн терахь лахделла цкъа а ца хиллачул. Iедалан гIентдас Кадыров Рамзана иза ду боху пхеа стагна тIера шийттанне кхочуш.

Кхечу дешнашца аьлча, дуьненахь, уггаре йоккха-м хаац, массарел а чIогIа кхоьруш долчу оьрсийн эскаршна шина тIамца дуьхьаллаьттинчу тIемалойн доьдайина. 20 шо эшна хьал цу тIе кхачон.

Кадыровс тIемалойн чотъеш дина дIахьедар хIокху деношкахь кхин а цхьана стагана лахделла ала мегар ду. КIирандийнахь Хьалха-Мартанарчу кIоштахь, Шалажана гергахь хиллачу тIематасадаларехь вийна герзахо. Цуьнгахь маса-топ а, бIе сов патарма а хилла. Вийнарг ву Андиев Хьамид.

Дийцарехь, тIемало ву аьлла, федералан лехаршкахь хилла иза. Иза вийначул тIаьхьа оцу кIоштарчу хьаннашкахь талламаш бина низамхоша. Амма кхин цигахь стагга а ца карийна.

Оцу юкъанна луларчу Таршхойн лаьмнашкахь лохуш ю тIемалойн баьчча Умаров Докка дIавоьллина меттиг а. Нохчийчуьрчу хьаькамийн шеко яц иза гучуериг хиларан.

Дуьхьалонан болам хьаьшна дIабаьккхинехь а, тахана а Нохчийчу а, Дагестане а, ГIалгIайн махка а рогI-рогIехь балабо Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара эскархой а, полисхой а. Уьш хIинца цхьанна а агIор оьшуш бац, аьлла хета цхьаболчу тергамхошна. «Нохчийн къам кIелхьарадаккхаран комитетан» куьйгалхо Бадалов Руслан а ву иштта хетачех.

Бадалов: «Хууш ма хиллара, 20 сов шо ду эскарш кхуза хьийза а, цара дийриг массо а адамашна гуш долу а. Бакъонашларъярхойн цхьанатохараллаша а йо церан терго. Суна, пайда кIезиг гина цаьргара. Нахана таIзар деш, некъашца лаьтташ белахь, ахча доккху. Кхин бала церан бан а бац.

Инзаре даккхий ахчанаш ло Кавказе ханна болх бан хьажийначу эскархошна а, полисхошна а. Иза дукхачу хаамийн гIирсаша а ду дуьйцуш. Амма тIом дIабирзина хилча хIунда латтош бу и ницкъаш кхеташ дац».

Нохчийчоьнан Iедало масийтта шо ду уьш кхуза ца оьхуьйтуш, сацабе боху. ГIуллакх ца хуьлу. ХIокху баттахь Нохчийчу эха шарна болх бан хьажийна Тулера а, Брянскера а полисхой. Церан а, кхечерачул башха, белхан жамIаш гур дац, уьш дIакъевлина ду.

Дукха хьолехь и низамхой лаьмнашка, хьаннийн басешка охьховшабо, тIеман дакъа ду олий, гобаьккхина кIохцал-серех ечу кертахь. Цигахь, наггахь бен кхин ара а ца бовлуш, малх баьл-баьллачу букъ а берзош, «тIамера» кехаташ яздо, телефонаш дIаетта цIахь бисинчу, шаьш жоьра бисарна кхоьручу шайн зударшка.

Иштта «болх» бечу низамхойх хIун пайда болу ца хаьа шена боху «Нохчийн къам кIелхьарадаккхаран комитетан» куьйгалхочо Бадалов Руслана.

Бадалов: «ТIемалошна дуьхьало ца йо цара – нахера ахчанаш доху. И пайда лаха баьхкина а бу. ХIунда латта бо уьш кхузахь, со кхеташ вац. Алапаш масийттаза лакхадаьхна. Шайн-шайн регионашкахь Iайта безаш бара уьш».

5 шо кхочу Нохчийчохь итт шарахь лаьттина «антитерроран операции» сацийна. Нохчийчоьнан шен низамхойн терахь а ду лаххара а 20-25 эзар. Ткъа стенна лестабо махка арахьара полисхой, эскархой кхеташ дац.
XS
SM
MD
LG