ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш даздийриг хIун де ду а ца хаьа...


5 шо кхаьчна Нохчийчохь "контртерроран операци" чекхъяьккхина
5 шо кхаьчна Нохчийчохь "контртерроран операци" чекхъяьккхина

Пхи шо кхаьчна, Кремло Нохчийчуьра тIом чекхбалар а кхайкхош, махкара цхьадолу тIеман дакъош арадаьхна. Балхах, дешарх нах мукъа а буьтуш, Дезаде лоруш ду Кадыров Рамзанан Iедало хIинца и де. Нохчийн ойланашкахь иза мел башха ду, цуьнан хIун мах хадабо бахархоша теллира Маршо Радионо.




Кест-кеста тайп-тайпана денош билгал а дохуш, чот йоцуш дукха хьеший луьстуш. Къилбаседа Кавказехь уггар жигара хьийзачу кIоштех цхьаъ ю карарчу хенахь Нохчийчоь. Тахана Iедалдайша леррина кечам беш, беза-боккха хилам лоручех бу Нохчийчохь терроран дуьхьала дIаехьна тIеман операци сацийна 5 шо кхачар а. Кху оханан беттан I6-чу дийнан дозаллех дуьйцуш массо доьшийлашкахь, Iедалан хьукхмат-урхаллашкахь гулам-цхьаьнакхетарш дIадахьар тIедиллина хьаькамашна. И де вайнахана маьIне хиларан гайтам бу, гарехь, и мукъа де кхайкхадар а. Бакъду дукхахболчарна кегийчарна а а.баккхийчарна а хууш дац I6 –гIе де стенна даздеш ду.

Официало кхайкха а деш, махкахь тIом сацийна оццул хан яьллехь а, хьалха санна дуьйлуш ницкъала герзаш а, кховдош бехк боцуш лоьцуш а, тIепаза бойуш а нах бацахь а, шайн ладегIам дIабаьлла ца лору бахархоша. Делахь а леваьккхинчу муьлххачо а мукIарло до КТО олу тIеман операци сацаяро къизачу хиламаша хьере динчу адамна садоIийла яьккхина бохуш. Цу тIера долийра шен къамел соьлжагIалахочо Магомадов Iисас.

Магомадов: «И дIаяьккхичхьана нахана паргIато яьлла-кх. И тIом бахьана долуш адам лечкъадора, доьза мел байира. Миска нах бар-кх хьийзош берш. эскархоша къоланаш мел дукха дира! Йийбар, кузанаш, деши. детий хIумнаш цара дIа а ца хьуш хIума ян а яцара.Ур-аттал полковник даржехь эпсар лецир-кх къоланаш деш гучу а ваьлла. Дукха хьаькамаш баха хевшина кхузара тIом бахьнеххьа-м».

Маршо Радио: Терроран дуьхьал дIаехьна тIеман операци оццул яхъян оьшуш дарий те?

Магомадов: «Ахьа-м яхъяр дуьйцу иза-м йоло оьшуш а дацара цу тIе даьлча! Мел тIех а цхьана шарахь тIех а оьхуш хан тоьур яр-кх царна. Оцу хенахь ерзо мегар долуш яра и операци иттаннаш шерашка ях а ца еш».

Маршо Радио: ТIеман операци дIайирзина дукха хан хилча, хIинца санна дукха эскарш эшаре техьа Нохчийчохь?

Магомадов: «Суна хетарехь-м ца дезара. Бухахь бахьа меттиг а йоцуш салтий а, низамхой а хилча, кхин а тIе стенна кхуьйлу-м ца хаьа суна. Минаш йоьхкина доцу латтанаш дIа а лаьцна Iаш ду-кх и эскарш. КIезиг латтанаш ма дац цара дIалаьцнарш. Нохчийчохь тIом беш ду тхо бохуш телпош а етташ Iаш бу-кх салтий шортта ахчанаша а оьцуш. Кху Iедалан дукха ахча хилла. И дууш бу-кх. Iедало дIахоьцуш хилча царна хIун ду иза? Оьшучул а мосуьйттаза дукха ницкъаш бу-кх махкахь латтош».

Терроризм къарьян Нохчийчохь дIаехьна тIеман оперца сацаяр хьокъехь дийцина Магамадов Iиса а, кхиберш къера бу тIом сацийчахьана нохчий дахар, массо тIегIанахь хаъал аттачу даьлла аьлла: тIебазбеллий лаьттина Iожаллин кхерам дIабаларца а, тIеман шерашкахь санна низамхой коча а ца оьхуш, ваха-ван атта хиларца а, кхечу кIошташкахь хьалхачул а мелла атта вайнах тIеэцарца а.

Бахархошца къамелаш деш гучудолу луьрачу тIеман шерашца дуьстича, садоIийла а яьлла, дахар дикка аттачу далар. Цуьнца цхьана жоьпаза дуьсуш ду цхьа могIа хеттарш. ДIабаьллий бахархойн ладегIам? Мел маьрша бу уьш шайна хетарг Iорадаккха? Мел таро ю могIарерчу нехан шайна тусаделла нийсадацар, кхачамбацар гIардаккха, юкъараллина дIадовзийта?

И тайпа хеттарш бахархойн сатийсаман «тускар» чохь дукха ду. Цаьрга ладийгIича юха а лазаме карладолу, терроран дуьхьал дIаехьна тIеман операци сацийчахьана мел хийцаделла махкахь дахар боху хаттар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG