ТIекхочийла долу линкаш

Лавров Сергей: Сепаратисташа дуьхьал ницкъ боккхийла дац



Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс дIахьедина, Украинан малхбалерчу къоштийн иттех гIалахь меттигерчу Iедалан хIусамаш лецна Iечу сепаратисташна дуьхьал ницкъ боккхийла дац, аьлла. Шинарий дийнахь, ша Пекине вахначохь къамел деш, цо элира Киево болам иштта хьашахь, цо юкъахдохур ду еарий денна Женевехь дIадахьа кечдеш долу дагадовларш.

Оцу юкъанна Украинан президентан декхарш кхочушдечу Турчинов Александра шинарий дийнахь даржийна, шайн кхерамзаллин ницкъаша Донецкан къоштахь антитерроран операци дIайолийна, аьлла. Украинан къилба-малхбалехь хьал эшон Iалашо юхьарлаьцна хьийзарна Оьрсийчоь бехкейо Турчиновс.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака телефонехула къамел дина оьрсийн президентца Путин Владимирца. Цо кхайкхина Путин шега далург дан Украинан малхбалера сепаратисташ маьрша дIасабовлург. Амма Оьрсийчоьно дацаре до ша оцу нахаца юкъарлонашкахь хилар.
XS
SM
MD
LG