ТIекхочийла долу линкаш

Министран гIовс вадийна Кабулехь



ОвхIанистанан шахьарахь Кабулехь, Iуьйранна шен балха воьдуш, герзахоша лачкъийна юкъарчу белхийн министран когаметта волу ВахIид Ахьмад Шах. Оцу министраллан пресс-секретара хаам барехь, хьаькаман машенлелорхо лазийна. Кабулан полицерчу буьйранчо ХIашеми Гул-Агас хаам бо, тIелеттачара, цуьнан белхан машенчуьра шайн машена а хаийна, вигина министран гIовс, бохуш.

ТIалибийн пресс-гIоьнчас МуджахIид Забиуллас шайн агIо бехке йоцийла хаийтина хиллачунна. Нах идор а, уьш мехах маьршабахар а даьржина лела ОвхIанистанехь.
XS
SM
MD
LG