ТIекхочийла долу линкаш

Женевехь барт лохуш бу дипломаташ



Женевехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Оьрсийчоьнан, Украинан, Европан Бертан лаккхара куьйгалхой гулбелира Украинера кризис йижош некъаш лаха. Уьш бу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей, Украинера цуьнан коллега Андрей Дешица, Iамеркан Штатийн Пачхьалкхан секретар Керри Джон, ЕвроБертан арахьарчу политикан декъан куьйгалхо Эштон Кэтрин.

Украинан дипломатийн лидеро Дешица Андрейс декхаре йира Оьрсийчоь цо шена дуьхьал болийна "терроран болам" сацон. Конфликт йижош Украино Атлантикан альянсера шена гIо хиларе сатуьйсу, шайн дозане гулдина Кремло 40 эзар эскар, бохура Дешица. Шаьш кийча ду Оьрсийчоьнца къамел дан, амма цуьнан бакъо яц шаьш пачхьалкх муха лело еза Iамо, элира Украинан арахьарчу гIуллакхийн министран декхарш кхочуш дечу Дешица Андрейс.
XS
SM
MD
LG