ТIекхочийла долу линкаш

КIезиг меттигаш ю кхушара Хьаьжца баха



Стохкачул цхьа эзар кIезиг нах гIур бу Нохчийчуьра ХьаьжцIа кхушара – 2600. И хаам бина мехкан муфтиято. Цо бахарехь, бахьана шиъ ду: Маккара еза меттигаш реконструкцехь хилар, Шемахь тIом латтар.

Уггаре хьалха Макка-Медина баха аьтто бийр бу дуьххьара хьаьж дечарна, боху муфтиятерчу хьостано. Бовзуьйту цо парз кхочушдан араволучунна оьшур долчу ахчан юккъера барам а - 5 эзар доллар гергга.
XS
SM
MD
LG