ТIекхочийла долу линкаш

Женевера барт бохабо сепаратисташа



Украинан малхбалерчу гIаланашкара урхаллийн хIусамаш лецна Iачу герзахоша шаьш гIишлош дIахоьцур ю боху, Киевехь мехкан Iедале баьхкинчара даржаш дитахь. Донецкехь ша-шен сепаратистийн лидер кхайкхийначу Пушилин Дениса элира журналисташка, Украинаний, Оьрсийчоьний юкъахь хила тарлучу бертаца ца дузу шен агIоно герз охьадиллар, гIишлош дIахецар.

Амма герзахоша малхбалера гIаланаш мукъа юьтуьйтуш бара Женевехь еа пачхьалкхан – Оьрсийчоьнан, Украинан, Iаьмеркан Штатийн, Евробертан векалша еарийдийнахь бина барт. И бина де-буьйса даьлча а цхьана а гIалахь дIахецна яц герзахоша шайгара гIишлош. Парламентехь премьер-министра Яценюк Арсенийс хаам бира, Iедало проект кечйина, герзаш охьа а дехкина, гIишлош а йитина дIабоьлхучу сепаратисташна маршо кхачор йолуш, аьлла.
XS
SM
MD
LG