ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIани Ашраф ОвхIанистанан президент хилахь...



Нагахь санна халкъо ша ОвхIанистанан президент харжахь, ша дерриг дийр ду махкахь барт хилийта, дIахьедина еарийдийнахь Маршо Радиона интервью луш харжамашкахь кандидат волчу ГIани Ашрафа. «Йиш яц шен хиндолчух ОвхIанистан ялийта», бохура цо.

Журналисто, тIалибийн баьччанашна, къоланаш дечарна таIзар дийр дуй ахь, хьо президент харжахь, аьлла хаьттича, «кху халчу муьрехь халкъана пачхьалкхехь нийсо хуьлу низамаш деза», элира.

Кандитаташлахь тIалибашна шогга дуьхьаллаттарца вевзачу ГIани Ашрафа, ша мехкан экономика а, кхерамзалла а совйоккхур ю бохура президент дарж шега кхачахь.

Харжамийн хьалхара жамIаш гучудевр ду кху беттан 24-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG