ТIекхочийла долу линкаш

Бурам хи буха дахар толлуш ю Корея



Къилба Кореян прокурораша дехна кхеле кхаарийдийнахь, 270 стаг доьза а вовш, хибуха дахана бурам лелош хилла ши стаг а, капитан а лаца ордер ялар. Бохамо билггал масса стеган дахар дIадаьхьна къаста ца делла. Мехкан бердашна гергахь бурам доьхча велла лору лаххара а 28 стаг. 200 гергга къелхьара ваьккхина. Прокурораша бахарехь, капитан бурамлелорхошна герга а ца хилла бохам хуьлуш. Иза дукха чехка дIадерзорна даха доьлла хи буха аьлла хета цхьаболчу эксперташна.
XS
SM
MD
LG