ТIекхочийла долу линкаш

НАТО-н керлачу лидерна реза ву Путин



Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира къобалдо Атлантикан ТIеман Альянсан (НАТО) коьрте Норвегин премьер-министран даржехь Iийна Столтенберг Йенс хIоттор. Шен Столтенбергца вуно дика юкъаметтигаш лелла, иза жоьпаллах ца кхоьруш а, балхаца чIиркъе а стаг ву, цуьнца къамел догIур ду аьлла а хета шена, «хьовсур-кха вай», бохура Путина журналисташка.

Билгалдаккха догIу, тахана НАТОнний, Оьрсийчоьнанний юкъаметтигаш советан заманахь шех «шийла тIом» олуш хиллачу заманашкахьчул а шелъелла хилар, Оьрсийчоьно дуьненан низам а дохош, ГIирма шен долаерзор бахьанехь.
XS
SM
MD
LG