ТIекхочийла долу линкаш

ГIирман-гIезалойн лидерш совцийна оьрсаша



ГIирма Украинах дIакъостийна лаьттачу оьрсийн дозанхоша шаьш бехачу ГIирме боьлхуш совцийна кхаьбна цигарчу гIезалойн лидерш Джемилев Мустафа а, Чубаров Рефат а. ГIирманхойн Маджлисан пресс-секретара Муслимова Лилияс хаам барехь, пIераскан сарахь совцийна хилла оьрсийн дозанхоша гIезалойн хьалханчаш Чонхар олучу метте Кремло хIоттийначу ханехь.

ГIирмара шайн лидершна дуьхьалбаьхкина хилла Украинан а, ГIезалой-ГIирман а байракхаш тIехь йолчу ткъеиттех машенахь Украинан цхьааллехьа болу нах. Дукха ца латтош, дIахецна оьрсаша гIезалойн лидерш.

ГIирман гIезалоша цкъа а къобалдийр дац шайн мохк, аннекси а йина, Москох кIелбигар бохучу маьIнехь къамел дина дуьхьалбаьхкинчаьрга Джемилевс а, Чубаровс а.
XS
SM
MD
LG