ТIекхочийла долу линкаш

Приднестровье бахьанехь шех оьрсий латарх кхоьру Молдова



Дуьненан низамца догIуш а доцуш, Молдовах а къаьсташ, шаяьллачу Приднестровьен куьйгалхоша Кремле шен пачхьалкхалла къобалдахьара аьлла бинчу кхайкхамашна дуьхьал Кремло шегара нийсо гайтаре сатуьйсу шаьш хIинца а, аьлла, дIехьедина Молдован арахьарчу гIуллакхийн министра Герман Натальяс Маршо Радиона еллачу интервьюхь.

Доккхачу декъанна оьрсий тIехь бехачу Приднестровьен куьйгалхоша референдум а хIоттийна, йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийра шайн мохк 2006-чу шарахь. Шаяла гIертачу Приднестровьено хьалхо, 1992-чу шарахь, боцца тIом а бира Молдоваца. Деношкахь халкъаца дагавалар олучу шен телепрограммехь Путин Владимира элира, къовсамехь болчу оцу мехкан бакъо хила еза шен кхоллам ша къастон.
XS
SM
MD
LG