ТIекхочийла долу линкаш

Кличко леташ гайта дагахь яц Оьрсийчура телеканалаш


Германехь ОберхIаузенехь кху беттан 26-чу дийнахь Украинера боксер Кличко Владимир Австралерчу Леапаи Аллексаца леташ гайта дагахь яц Оьрсийчура телеканалаш. Цунах лаьцна хаам бина Кличкос шен Твиттерехь йолчу агIонтIехь. «Спорто вайн къаьмнаш цхьаьнатухуш хилча дика хир дара, хIинцалера пропагандо деш ма-хиллара, уьш декъа а ца доькъуш» аьлла яздина Украинера боксеро.

Кличкона хетарехь, цу тайпа сацам боьзна бу политикаца. Дукха хан йоцуш цо кхайкхам бинера Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, Украинина дуьхьал агресси яр сацадахьара аьлла. Кличкон воккхах волу ваша Кличко Виталий лидер ву карарчу хенахь долчу Iедалшна гIортор ечу УДАР олучу Украинера партин.

Кличко Владимир дуьнен чемпион ву Дерриг дуьненан боксан ассоциацан а, Дуьненаюкъарчу боксан федерацин а, Дерригдуьненан боксан организацин а, ткъа иштта Дуьненаюкъарчу боксан организацин а версица.
XS
SM
MD
LG