ТIекхочийла долу линкаш

Украинан малхбален масех гIалано оьрсийн эскарш чудалор дехна Кремле


Герз карахь долу Оьрсийчоьнехьа болчу тIеманхой Украинан малхбалера Славянск-гIалина йистерчу блокпостехь лаьтташ, 20Оха2014.

Герз карахь долу Оьрсийчоьнехьа болчу тIеманхой Украинан малхбалера Славянск-гIалина йистерчу блокпостехь лаьтташ, 20Оха2014.

Украинан малхбалера Славянск-гIалахь дIа-схьа диттинчу герзашкахь велла масех стаг. Москохо а, Киево а оцу хьокъехь деш долу дIахьедарш нийсса бIостанехьа ду.


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедар дина, шаьш шайх «Донецкан Къоман республикан» кхайкхийначу лидерша оьрсийн эскарш даладе шаьш кIелхьардаха бохуш бечу кхайкхамаша, Кремл чолхечу хьоле хIоттайо, аьлла.

«Славянскехь, Мариуполехь, Украинан къилба-малхбалера кхечу меттигашкахь а туьтмIаьжгаш йолчу, къиза лелачу тIемалоша тIелетарш до. Шуна хеза хир ду, Оьрсийчоьне орца дохуш», аьлла Лавровс.

Оьрсийн президенто Путимн Владимира а аьллера маситтаза, Украинехь беха гIазакхийн мотт буьйцу нах кIелхьарбахар шайн декхар ду, бохуш. Делахь а, Охана-беттан 17-чу дийнахь хаттарш-жоьпаш лучу конференцехь, Украине оьрсийн эскарш дигарх лаьцна хаьттича, и кеп ца хиларе дог доху ша, элира Путина.
Даханчу кIиран дийнахь, оьрсашкахьа болчу нехан карахь йолчу Донецкан кIоштера Славянскан «къоман мэро» зорбан-конференци а кхайкхина, Путине дехар дира, Донецк а, Луганск а кIошташка оьрсийн машарбархой хьовсабе, аьлла.
Оршот дийнахь Москох вистхиллачу Лавров Сергейс кхетташ элира, Украинан къилба-малхбалера дехарш Кремлан хезаш хилар лаьцна.
Оцу гIуллакхо кхоччуш сингаттам баьккхина Киеван. Украинан телевизионна ша еллачу интервьюхь, ханна Украинина президента декхарш кхочушдечу Турчинов Александро элира, Путин йозуш йоцу Украина хIаллакьян гIерташ ву, ша цунах кхоьру дера, аьлла.

Турчиновс бахарехь. Путинан Iалашо – «Украинан латтанаш дIадахарца йоьзна ца Iа, цуьнан Iалашо – шайн пачхьалкхера хьал буьззинчу барамехь талхор ю. Мехкан малхбалера хьал, уггар хьалха Донецк кIоштехь талхор – ерриг Украинина деш долу зе ду», элира Турчиновс.
Шайн пачхьалкхан малхбалера хьал талхорна куьг бехке Москох хиларан тоьшалла, цигахь дуккха а оьрсийн герз даржар ду боху Киево. «Цигахь кхин цкъа а кхин герз хилла дац, оьрсийниг бен», аьлла, шайга кхийдочу бехкашна дуьхьал жоп делла Лавровс.

Оьрсийчоьнехьа болчу жигархоша а, Украинан Iедалшкахьа болчу жигархоша а тайп-тайпана дуьйцу Славянскехь кIиран буса хиллачух лаьцна. Цхьана ца догIу, беллачеран терахьаш а. Оьрсийчоьнехьа болчу жигархоша Славянскана чуволучехь яьгна ши джип гайтина журналисташна. Цара бахрехь, цу тIехь тIелатар динарш хилла. Оьрсашкахьа болчарна орцах баьхкинчу наха тIе герзаш диттинера машенашна.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин хьесапехь, «Аьтто агIоран сектор» ю тIелатарна бехке. Ткъа цу организацино чIагIдарехь, Славянскехь хиллачух цхьана агIра хьакхаелла яц иза. «Оьрсийн лерринчу сервисийн провакаци ю иза» аьлла цара, шаьш ББСина еллачу интервьюхь.
XS
SM
MD
LG