ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан вице-президент Байден веана Украине


Шина денна леринчу визитаца Украине кхаьчна Iамеркан вице-президент Байден Джо. Цуьнан Iалашо ю, Оьрсийчоьнера лаьтташ кхерам а болуш, карарчу хенахь Украинехь долчу Iедалшна Вашингтоно гIортор еш хилар гайта.

Шинарин дийнахь Байдена дагадовларш дIахьур ду Украинин президентан декхарш кхочуш деш волчу Турчинов Александрца а, премьер-министрца Яценюк Арсенийца а.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президент Байден Джо иштта цхьанакхета дагахь ву Лаккхарчу Радан депутаташца а, демократин реформаш ярехьа болчу ницкъийн векалшца а.
XS
SM
MD
LG