ТIекхочийла долу линкаш

Президентан харжамаш хир бу Шемахь Мангал-беттан 3-чу дийнахь


Шемахь президентан харжамаш хир бу Мангал-беттан 3-чу дийнахь. Цунах лаьцна хаам бина Шеман парламентан гIантдас Лохам Мохьаммада. Цо дийцарехь, махкал арахьа бехачу шемахойн аьтто хир бу кхаж таса Стигалкъекъа-беттан 28-чу дийнахь.

Спикеро Лохама бинчу хаамца, кандидаташна регистраци яр долалур ду Шинарийн дийнахь дуьйна Стигалкъекъа-беттан 1-чу дене кхаччалц.

Товбеца-беттан 17 дийнахь президентан даржера дIаволуш волу карарчу хенахь Шеман президент волу Асад Башар юха а дагахь ву президентан харжамашкахь дакъалаца. Махкахь боьдуш тIом балахь а, иза Iалашо йолуш ву кхин 7 шарахь цу дарже хIотта.
XS
SM
MD
LG