ТIекхочийла долу линкаш

Украинера экономика кога-ирахIоттош гIо дан кийча ю Iамерка


Украина -- Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президент Байден Джозеф, Украинан парламентана хьалха къамел деш, Киев, 22Оха2014

Украина -- Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президент Байден Джозеф, Украинан парламентана хьалха къамел деш, Киев, 22Оха2014

Украине вахана хиллачу Iамеркан вице-президенто Байден Джозефа Киевехь вистхуьлуш дIахьедар дина, Украинан экономика меттахIоттош гIо дан кийча ю Вошингтон, аьлла. Шина денна лерина Украине йина визит дIаерзийначу Байденна хетарехь, цу махкахь ерзон езаш шортта чолхе проблемаш ю.

Малхбузехьа долчу Украинан Iедална Цхьанатоьхначу Штаташ гIортор еш хилар гайта ваханера байден Киеве. Иза цигахь цхьанакхийтира Украинан президентан декхарш кхочушдечу Турчинов Александрца а, премьер-министрца Яценюк Арсенийца а.

Байдена Украинан Iедалца дийцаре дира, Стигалкъекъа-беттан 25-чу дийнахь дIабахьа кечбинчу президентан харжамийн хьокъехь. Iамеркан Iедалша Украинина гIртор йина ца Iаш, Iамеркан къомо а гIортор йо украинхошна, элира Байдена.

Байден: «Украинан экономика тоеш а, чIагIъеш а гIо дан лууш ду тхо. Шуна гIо дан лууш ду тхо, экономикан агIора бечу харц Iаткъамна дуьхьал ду тхо. Шуна цу тIехь гIо дан кийча ду тхо. Аса кхин а эр ду, Iамеркан къам а ду кийча лаьтташ. Обама Барак а, Байден Джо а хилла ца Iа. Iамеркера нах бу.»

Стигалкъекъа баттахь Украинехь дIахьон болчу президентан харжамах лаьцна дуьйцуш Байдена билгалдаьккхира, Украинан исторехь уьш уггар а коьрта харжамаш хир бу, аьлла. Оццу хенахь, Байдена тидаме диллира, коррупци олу вуо цамгар дIаяякха, ондда къийсам латтон безаш хилар.

Оцу юкъанна, хьастагIа, Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона а, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс а телефонехула дина къамел, Украинера дов бахьанехь, вовшашна бехкаш кхийдош, дирзира.

Керрис Лавровга дехар дира, Женевехь бина берташ кхочушбеш, Оьрсийчоьне ладаме гIулчаш яха, аьлла. Амма, цунна дуьхьал жоп луш, Лавровс Киевера керла Iедалша бехке дира, женевера берташ юкъахдохурш уьш ду, аьлла.

Оццу Шинарин дийнахь, ГIирмера гIезалойн лидерна Джемилев Мустафина Гiирмина чувахар дихкина пхеа шарна. Меджлисан зорбан-секретаро элира, Джемилевга хаам бина, 2019-гIа шо кхаччалц иза ГIирмина персона нон-грата кхайхкийна, Украиница долу хадорна, аьлла.

Шен агIора, Джемилевс ГIирман Оьрсийчоьнехьа долу керла Iедалш бехке дина, цара, баханчу баттахь ГIирма дIаяьккхичхьана дуьйна, ГIирмера гIезалошна дуьхьала репрессеш йолорна.

Меджлис дуьхьал яьлла ГIирман керла Iедалш къобалдина, тIеэца а, ГIирма дIаяякхале дIаяьхьна референдум а харц лерина.
Иштта, Украинан Лакхарчу Радин векал а волчу Джемилевс емалбина, шена ГIирме вахар доьхкуш болу сацам. Ша тергал бийр бац иза, аьлла цо.
XS
SM
MD
LG